Гимн Чечни

Шатлакхан Илли
 
Слова: Ходжи-Ахмед Кадыров
 Музыка: Умар Бексултанов

Харцоно ц1е тесна хьо ягарх,
 Нохчийчоь ца йоьжна, г1аьттина яха.
 Кавказан ткъес хилла, маршонан ага,
 Хьан лаьттан сий дина яхь йолчу наха.


 Барт болу хьан къаьмнаш – мах боцу беркат!
 Хьо йоцург, Нана яц, нохчийн халкъ хьаста.
 Тхан дехар, тхан дерзар Даймехкан кхерчахь,
 Декъалдар доьхуш ду, хьуна беш хастам.


 Башламан баххьашка дайн синош дуьссу.
 Органа тулг1ено ненан мотт буьйцу.
 Исбаьхьа совг1ат хьо, азаллехь делла!
 Шатлакхан илли ду тхуна никкъ белларг!


 Къинхьегам, хьан хьуьнарш хазделла шайна,
 Хьалкъаца лерам бар кхаъ хуьлда хьуна.
 Машаран г1аролехь ирсан некъ тайна,
 Сий долуш Нохчийчоь ехийла тхуна!

Яндекс.Метрика