Меню

Халкъан кицанаш

Чулацам:

ХАЛКЪАНА 1ЕР-ДАХАРЕХЬ ЗЕДЕЛЛАРГ
ДАЙМОХК
Г1ИЛЛАКХ, ОЬЗДАНГАЛЛА
ДЕШАР, ХЬЕКЪАЛ, КХЕТОШ-КХИОР
ДОЬЗАЛ, ГЕРГАРЧУ НЕХАН ЮКЪАМЕТТИГАШ
НАНА
ЙО1
ЗУДА
ДИН
СТЕШХАЛЛА, МАЙРАЛЛА
ДИКАЛЛА, ВОЛЛА
ДОВ, Т1ОМ
ДОГЦ1ЕНАЛЛА
ЯХЬ
1ОВДАЛАЛЛА
ДОТТАГ1АЛЛА
МАЛО
ЭРНА ЛЕР
СОНТАЛЛА
БАРТ
ХЬОШАЛЛА
КЪИНХЬЕГАМ
ХЬАЛ
СОБАР
ТЕШНАБЕХК, ХЬАРАМЛО, АЬШПАШ
ДОШ
СУТАРАЛЛА
СТОГАЛЛА
ОСАЛАЛЛА
ДИН (ГОВР)
1АЛАМ



ХАЛКЪАНА 1ЕР-ДАХАРЕХЬ ЗЕДЕЛЛАРГ

1. БИИ КУОГ боллушиехьа говр а йолу гал. (УС-Е, 17)*

2. Бух боцу шелиг хих дузур дац. (УС-Е, 17)

3. Б1аьргана гинарг тешаме ду, лергана хезначул. (НХК-19)

4. Валарах кхоьруш воцург лийр вац. (АДШ-1224)

5. Вираца лаьттина эса вирах 1аьхна. (НХК-20)

6. Воьдуш динарг хьесап дац, вог1уш динарг бен. (НХК-20)

7. Денна ца яхьа хе чалх. (НХК-21)

8. Д1аг1оьртинчу стеран белкорта** йоьйна, юхаг1оьртинчу стеран ма1а йойна. (АДШ-1247)

9. Кепах тера йолу кибарчиг. (НХК-15)

10. Керлачу норо нехаш ц1ена йоху. (АДШ-1247)

11. Куьпчичо т1ам шена луъучу буллу. (НХК-16)

12. Кхийринчу(н) нана йилхина яц. (УС-Е, 18)

13. Къеначу барзо ши уьстаг1 баьхьна. (НКК-16)

14. К1елахь г1ура йоцуш, 1ам т1ехь ша бийр бац. (НХК-21)

15. Ла ца дуг1учунна дина хьехар хьакхина хьалха оьллина жовх1ар ду. (АДШ-1209).

16. Малх хьаьж-хьаьжначу х1у таса - х1у тес-тесначу 1индаг1 х1уттур ду хьуна. (НХК-16)

17. Маха лиелачухула тай а лиела. (УС-Е, 17)

18. Нехин диег1ах боллун пхуо*** хионах боллуш санна хиета. (УС-Е. 17)

19. Оза делахь а, жижиг тоьла. (АДШ-1001)

20. Пхьеруо морзух лелабуо, куьг ца дагуон. (УС-Е, 17)

21. Саргах ца бина х1оз г1ожух хир бац. (УС-Е, 17)

22. Т1ам бойна леча ламанца тарлуш дац. (АДШ-1216)

23. Хи долчохь бен хуьлуш дац дахар. (АДШ-1216)

24. Хийистехь вехачунна хин гечо девза. (НХК-17)

25. Хьера йиллале, к1арк1ар йиллина. (НХК-17)

26. Цамгар, йог1уш, не1арх йог1у, йоьдуш, механ 1уьргах йоьду. (АДШ-1216)

27. Цериг йоцуш буорз хир яц. (УС-Е, 18)

28. Цкъа кагъелла меже нийса ца х1оттаелла. (АДШ-1247)

29. Ц1а дагахь а - ц1е тоьла, кха дагахь а - малх тоьла. (НХК-23)

30. Ц1арца бегаш ма бе, хих а ма теша. (НХК-23)

31. Ч1еруо лоху хи чохь к1оргу меттиг. (УС-Е, 17)

32. Шен хеннахь вижнарг кхаа вонах ваьлла, шен хеннахь г1аьттинарг кхаа диканах кхиъна. (НХК-18)

33. 1уьйре ц1ийелча - кхоллар кечъе, суьйре ц1ийелча - кхаллар кечде. (НХК-18)
____________________________
*Х1окхуьнан а, кхин д1айолчу шифрийн а маь1на далийна, Билгалдаккхаран "Кицанаш" ц1е йолчу декъа т1ехь
**Динбухка.
***Пха.

ДАЙМОХК

1. Вина мохк мазал мерза бу. (ЧФ-П, 189)

2. Дикачу пхьидо шен 1ам хестабо. (АДШ-84)

3. Мехка доцчу иэро пхьагал ца лаьцна. (НХК-25)

4. Нехан махкахь эла хуьлучул, шен эвлахь лай хилар тоьлу. (ХД-32)

5. Ц1ийнах идда бежана берзан бага дахна. (ХД-45)

6. Ц1ийнах идда бежана не1арца дайна. (НХК-23)

7. Шен ненан сий лардечо - Даймехкан сий а лардийр ду. (АДШ-114)

8. Шен ц1а - ц1ен ц1а. (НХК-25)

Г1ИЛЛАКХ, ОЬЗДАНГАЛЛА

1. Болх бечу кхаьчча, - болх бе, юучу кхаьчча - яа. (НХК-14)

2. Воккхах волчунна хьо жимах вацахь, жимохчунна воккхах а хир вац хьо. (ХД-12)

3. Воккхачо аьлларг дайна дац. (АДШ-33)

4. Воккхачо аьлларг динарг дохко ца ваьлла. (ХД-12)

5. Воккхачо аьлларг цадинарг бердах вахна. (НХК-36)

6. Г1иллакх дезаш волчунна и генахь дац аьлла. (АДШ-1232)

7. Деца къамел ма де, нана юккъе лелае. (АДШ-39)

8. Дикачу г1иллакхо лех эла вина, вочу амало элах лай вина (ХД-20)

9. Къиг т1ееъча, къиг а г1отту хьала. (НХК-28)

10. Оьздачу стага шен ц1ахь а, хьошалг1ахь волуш санна юу х1ума. (АДШ-30)

11. Стеган мах ша хадийнарг бу. (ЧФ-II, 183)

12. Шена во диначунна дика динарг, шен мостаг1чуьнан ч1ир эцнарг ву. (АДШ-1229)

13. Юххерчуьнга мала а ца олуш хи мелларг а, мала аьлча, и мелларг а - ший а ж1аьла ду. (АДШ-34)

ДЕШАР, ХЬЕКЪАЛ, КХЕТОШ-КХИОР

1. Дешар - серло, ца дешар - бода. (ХД-18)

2. Йоза доцу стаг шура йоцучу аттах тера ву. (АДШ-83)

3. Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу. (НХК-37)

4. Кхоччуш хьекъал долчуьнан къамел доца хир ду. (АДШ-40)

5. К1езахь 1еминарг, пхьарахь а ца дитина. (ХД-28)

6. Майра ву алий, кура а ма вала, хьекъал долуш ву алий, сонта а ма вала. (АДШ-81)

7. Нахана юккъехь леларе терра бен хуьлуш дац хьекъал. (ХД-31)

8. Стеган хазалла ца лоруш, дикалла а, хьекъал а лара. (АДШ-82)

9. Ткъа шарачохь ца хилла хьекъал цкъа а хир дац. (АДШ-1216)

10. Хьекъал долуш верг мила ву? - аьлла. - Нахе х1ума хоттург ву аьлла. (АДШ-80)

11. Х1ума хаар - нахе ладог1ар. (НХК-23)

ДОЬЗАЛ, ГЕРГАРЧУ НЕХАН ЮКЪАМЕТТИГАШ

1. Ваша ваша ву, эшначу меттехь хьалха х1уттуш велахь. (АДШ-1216)

2. Ваша воцу йиша - 1индаг1. (АДШ-1246)

3. Вежарийн безам - т1улгал а ч1ог1а бу. (АДШ-1231)

4. Дений-нанний муьт1ахь боцу доьзал - гергара мостаг1. (НХК-27)

5. Дика доьзал кхиънарг нахалахь корта лекха хир ву. (ХД-19)

6. Доьзал дика - беркат дукха. (НХК-28)

7. Лела ца хиъна нускал, олла баьхьна яй санна, духадеъна. (АДШ-1216).

8. Марцхошца къийсина нус ц1ийнах яьлла. (ХД-29)

9. Несана хьекхийна цергаш к1антана яхна. (АДШ-1216)

10. Нуц валар - арахьара вон, нус ялар - чоьхьара вон.
(АДШ-1216)

11. Сунцхой а, ненахой а ца лоруш верг лай лерина. (АДШ-38)

12. Чохь ца хилла сий - арахь а хир дац. (НХК-32)

НАНА

1. Дикачу ненан - дика йо1 хуьлу, хазачу ненан - коча йо1 хуьлу. (АДШ-1730)

2. Нанас йина чов лаза ца лозу. (АДШ-49)

3 Ненан оьг1азло ло санна ю: дуккха а дог1а, амма сиха деша.
(НХК-28)

4. Ненан сий динарг махко а лерина. (АДШ-50)

ЙО1

1. Г1иллакхех бен хуур дац йо1 дика муьлхарг ю. (АДШ-1216)

2. Махмаран духаро хазъеш яц йо1, мел хаза заза хиларх къаьсташ бу ба1. (АДШ-1730)

3. Нанас хестийна йо1 мехала ца яьлла. (НХК-21)

4. Хаза йо1 кхиъначу ден сий алсамдолу. (ХД-38)

5. Хаза йо1 тиша коч йоьхча а, товш хуьлу. (НХК-32)

ЗУДА

1. Бартана чехка зуда хьуьнарна сов хир аьлла. (АДШ-1216)

2. Дика зуда - бахам, вон зуда - бохам. (АДШ-48)

3. Дика зуда ирс ду, вон зуда дов ду. (АДШ-1216)

4. Дикачу зудчун майра т1ехь беркъа хир вац. (АДШ-1216)

5. Зуда елхочо - бераш делхадо. (АДШ-1730)

6. Зудчо боьллинчу сардамо - йицйо тоьпан чов. (АДШ-1730)

7. К1антана зуда ялийна - ненан к1удална т1е к1удал кхетта. (АДШ-1216)

8. Тхов т1ера чувоьжнарг - лазавой вуьсу, зудчун даг т1ера воьжнарг - т1епаза вов. (АДШ-1216)

ДИН

1. Вуьзначу мута1еламах дала ларвойла. (НХК-52)

2. Гуттар ца лаьтта моллина мовлад. (НХК-52)

3. Массо а стагана там бина дела а вер вац. (АДШ-103)

4. Меца волчу моллина бисмилла ца хеза. (АДШ-104)

5. Моллас саг1а даьккхича, шайт1ано зурма лекхна. (НХК-52)

6. Моллас, ша лелош дерг ма леладе, леладе бохург леладе аьлла. (АДШ-106)

7. Мурдана шайх веза, шайхана - шура еза. (НХК-52)

8. Саьрамсекхан к1олла, хьаьжц1а баьхьча а, ца яйна. (ХД-35)

9. Хила яздинчунна моллин дан х1ума дац. (АДШ-107)

10. Цхьа а стаг вац зингатан б1аьргаш, лаьхьан когаш, моллин саг1а гина. (АДШ-105)

11. Чоме хьовсий вай аьлла гай даьтт1ачу моллас. (НХК-52)

12. Шена х1ума елча, жен-ж1аьла а кешнашка д1адолла магийна моллас. (НХК-52)

13. Шена х1ума елча, моллас ж1аьлина а даьккхина жайна. (НХК-52)

14. Шина саг1ийна т1аьхьаваьлла молла цхьа а доцуш висна. (ХД-48)

СТЕШХАЛЛА, МАЙРАЛЛА

1. Аьтто боцчохь юхавалар - стешхалла яц. (НХК-44)

2. Аьхка лаьхьа гинарг - 1ай карсах кхийрина. (НХК-44)

3. Б1аьрг стешха - куьг майра. (НХК-44)

4. Вуьзначул т1аьхьа 1ийнарг стешха лерина. (НХК-27)

5. Г1аз т1аьхьа хьаьдча, Бекха а ца воьхна. (НХК-44)

6. Котам а хилла вехачул, н1аьна а хилла, велча тоьла. (НХК-44)

7. Кхеравелча хиндерг, кхера ца велча а хир ду. (НХК-44)

8. Ла мел дийг1и, татанаш сов хеза. (НХК-44)

9. Ойла а ца еш, дош ма ала, аьллачул т1аьхьа, хьайн дашна т1ера а ма вала. (АДШ-94)

10. Стаг тоьлла ву алий, хьайн бакъо ма йита. (АДШ-1216)

11. Стешхачу ж1аьло т1ехьашха катуху. (НХК-45)

12. Чохь майралла - арахь стешхалла. (НХК-45)

13. Ша буьйш, дехко а юхку цергаш. (НХК-45)

14. Шен кет1ахь н1аьна а хуьлу майра. (НХК-45)

ДИКАЛЛА, ВОЛЛА

1. Бедда боьдучу сена а аьлла. (НХК-19)

2. Б1аьргаш боцчунна нехан б1аьргара к1ай гина. (НХК-19)

3. Дика вахар - нах дика бовзар. (НХК-21)

4. Дика н1аьна - ялкхан т1ехь кхойкху, вон н1аьна - миччахьа а кхойкху. (АДШ-1730)

5. Дикачу лулахочул дика х1ума а дац, вочул вон х1ума а дац. (ХД-13)

6. Дикачу лулахочуьнан астаг1 йо1 маре яхна. (АДШ-92)

7. Доттаг1алла хадо лиъча, нуьйран х1оа бехна. (НХК-27)

8. Къунна ша санна волу къу вевза. (АДШ-1216)

9. Къуьно бен хестор вац къу-стаг. (АДШ-1216)

10. Совг1атана беллачу динна бага ма хьежа. (АДШ-45)

11. Уггар хазчу стагана а цуьнан ворта еха яра аьлла. (НХК-22)

12. Хьайга далург нахе де ма ала. (НХК-17)

ДОВ, Т1ОМ

1. Дов даьлча, дов ца деш верг стаг а вац, цул т1аьхьа ца товш верг а стаг вац. (АДШ-96)

2. Дов - шар-худар дац. (НХК-27)

3. Зулам лоьхург вонах ца ваьлла. (АДШ-58)

4. Т1амо стаг вина вац, т1амо саг вийна. (НХК-29)

ДОГЦ1ЕНАЛЛА

1. Доггах билхинчу б1аьргех ц1ий даьлла. (НХК-27)

ЯХЬ

1. Яхье даьлла эппаза туьмане кхаьчна. (НХК-25)

2. Яхь йолчу дагахь - хьаг1 хир яц. (ЧФ-П, 182)

1ОВДАЛАЛЛА

1. Бацалла лаьллина вир баь1ашка дахна. (ХД-9)

2. Хьо 1овдал вуйла хаийтина-кх ахь, - аьяла цхьаьнге. - Аса-м ца хаийтира, царна шайна хиир-кх, - жоп делла вукхо. (АДШ-1244)

3. 1овдалниг хье мел вин а 1овдалволу. (АДШ-1216)

ДОТТАГ1АЛЛА

1. Ваша ваша вац и хьан доттаг1а вацахь. (НКХ-26)

2. Генара доттаг1а - йоьг1на г1ала. (НХК-27)

3. Генара хиларх, тешаме доттаг1, б1ов санна ч1ог1а ву. (ХД-14)

4. Дикачу доттаг1чуьнца дуьненан йисте а кхача хала дац. (НХК-27)

5. Дикачу к1антана доттаг1ий ца эшна. (НХК-27)

6. Доттаг1а коьрте хьожу, мостаг1 когашка хьожу. (НХК-27)

7. Доттаг1а шираниг тоьлу, керт - керланиг тоьлу. (НХК-28)

8. Доттаг1чун хьаг1 хала ю, мостаг1чун ямартлонал. (АДШ-1730)

9. Сакхт доцуш доттаг1 лаца хьо г1ертахь, и воцуш вуьсур ву хьо. (АДШ-28)

10. Эзир доттаг1а верг ваьлла, эзир сту-етт берг велла. (НХК-29)


МАЛО

1. Беже ма т1аьхьа воьду хьо аьлча, д1а т1аьхьа водахь а, ц1а хьалхе вог1ур ву ша аьлла. (АДШ-79)

2. Ж1аьло 1аьн т1ехь ч1аг1о йо бах, б1аьсте ма-еллинехь шена бун йийр ю ша олий, ткъа б1аьста, юха а 1а т1екхаччалц ворданна к1ел дуьжий 1уьллу. (АДШ-78)

3. Малонах мазал ца хилла. (АДШ-77)

4. Халонах кхийринарг, диканах кхетта вац. (АДШ-64)

5. Х1уманна мало ечо юьхь а парг1ат юьлу. (АКШ-1216)


ЭРНА ЛЕР

1. Багахь дина х1оаш кхерзина дац. (НХК-14)

2. Боца муш а тоьлу десачу къамелал. (АДШ-18)

3. Дукха лер - дети делахь а, ца лер - деши ду. (НХК-21)

4. Дукха лер - хьекъал ца тоар ду. (АДШ-23)

5. Дог 1ахар долчуо т1уо багахь боккху. (АДШ-53)

6. Ира мотт - совг1ат, беха мотт - та1зар. (АДШ-1216)

7. К1езиг дечо дукха дуьйцу. (АДШ-22)

8. Малар а доьттина дийриг - эрна къамел ду, меллачул т1аьхьа дийриг - дехна къамел ду. (АДШ-1730)

9. Хабарал худар тоьла. (НКХ-22)

10. Хабар дукха дийцинчо болх к1езиг бина. (АДШ-1216)

11. Хьайга дог1ург аьлла 1ийча, пахана цкъа а к1ордор вац хьо. (АДШ-18)

12. Церг - деши ду, мотт - бала бу. (АДШ-1216)

13. Яьсса х1ума ч1ог1а ека. (ЧФ-11,185)


СОНТАЛЛА

1. Виро "вир" аьлча, вир аьхка дахана. (НХК-20)

2. Къахеташ ца лург дозаллина ло. (АДШ-1216)

3. Ма г1ерта бердан йисте, ва вир! Сан коча йог1ур ю хьо, - аьлла старо. (НХК-21)

4. Нехан юьртана наь1алт бохург - шен юьртах ваьлларг ву. (АДШ-1730).

5. Сихалла - сонталла, собар - кхетам. (НХК-39)

6. Сонтачу стага шен хьал хилча, - ши сте ялайо, хьекъал долчо - ц1а лакхадоккху. (НХК-38)

7. Сонтачу стеган хьекъал вист ца хилар ду. (НХК-38)

8. Т1ех аркъал ситтинарг букъ бойна висна. (АДШ-1216)


БАРТ

1. Барт болу ши стаг барт боцучу юьртал а тоьла. (АДШ-89)

2. Барт болчохь - беркат, барт боцчохь - зулам. (НХК-26)

3. Барт болчу цицигаша барт боцу берзалой эшийна. (НХК-26)

4. Барт боцучу доьзалехь беркат хир дац. (НХК-26)

5. Барт ийг1ина доьзал - ка йоцу т1ом. (НХК-26)

ХЬОШАЛЛА

1. Вуочу х1усамнанас, шина б1аьргана юккъе шад а бой, т1еоьцу хьаша, амма йоьлуш новкъа воккху. (АДШ-29)

2. Къени вахна - къа дисна, хьаша вахна - иэхь дисна. (АДШ-26)

3. Ма хатта мила ву, вуза а вай, д1авижаве. (АДШ-24)

4. Оьзда воцу стаг хьошалг1а веъча, - дика кхаба, оьздачунна - ерг елча а, кхачам хир бу. (НХК-33)

5. Сакъерделча, - хьаша парг1атволу, сагатделча, - хьаша сихло. (АДШ-1730)

6. Хан яьлча вог1у хьаша - ахь лорург ву, шен хеннахь вог1ург хьо лорург ву. (АДШ-1730)

7. Хьаша веъча, д1а-схьа ма хьежа, шуьча хьажа. (ХД-41)

8. Хьаша веъча х1усамден пхьор тоделла. (ХД-41)

9. Хьаша ца везачу х1усамненан бераш доьлхуш хуьлу. (ХД-41)

10. Хьаша ца везарг далла а ца веза. (ХД-31)

11. Хьаша ца везнарг нахана а ца везна. (НХК-34)

12. Хьаша ца вог1у ц1а кошах тера ду. (ХД-44)

13. Хьаша ца вог1учу ц1а чу беркат ца дог1у. (НХК-34)

14. Хьаша ца леринарг хьошалг1ахь а ца лерина. (ХД-41)

15. Хьешана дуьхьал нуй хьекхар - хьаша ца эшаран билгало ю. (АДШ-28)

16. Хьешана шега д1акховдийна меттиг ларъян хаа деза. (АДШ-31)

17. Хьеший оьхучу новкъахь буц ер яц. (НХК-33)

18. Хьо меца 1ай а, хьаша вузаве. (АДШ-25)


КЪИНХЬЕГАМ

1. Аьхка мало - 1ай хало. (НХК-14)

2. Аьхкенан дийно 1аьнан бутт кхобу. (НХК-14)

3. Болх бар цхьа къинхьегам, цабар - ши къинхьегам. (АДШ-1216)

4. Дехарал - беже х1оттар сийлахь ду. (НХК-15)

5. Д1адийнарг - т1едалаза дуьсур дан. (НХК-15)

6. Ирхе ца яьккхича, пурхе ца кхаьчча. (НХК-15)

7. Къа ца хьегча, хи чуьра ч1ара а ца баьккхина. (НХК-16)

8. К1айчу куьгишна наха къахьегнарг диеза. (УС-Е, 17)

9. Массо а х1уманал мерзаниг - хьанал къинхьегам. (АДШ-1216)

10. Нехан х1умане са ма тийса, хьайн куьйгашка къахьегийта. (АДШ-76)

11. Охуш эллериг - оруш карайна. (УС-Е, 17)

12. Стеран ма1а т1ехь 1ийначу мозано баьхна: гота аьхна бог1у ша. (НХК-17)

13. Хала дара алий, х1уманна б1о а ма къажабе, атта дара алий, тассий а ма дита. (НХК-17)

14. Хьалххе г1аьттинчу 1уьнан жий шала бехкина. (НХК-17)

15. 1иллинчу т1улга к1ел хи ца кхаьчна. (НХК-18)


ХЬАЛ

1. Ахчано стигала боьду некъ лехна. (НХК-48)

2. Ахчано 1ай Башлам т1ехь паста караяйтина. (НХК-48)

3. Безам буьйцу - безам болчо, бахам буьйцу - са къен долчо. (АДШ-1730)

4. Безамо 1ехийнарг - дог-к1еда хуьлу, бахамо 1ехийнарг - дог-1аьржа хуьлу. (АДШ-1730)

5. Дукха дерстина вир бердах дахана. (НХК-49)

6. Карахь долчун хама барца кхуьу даьхни. (НХК-49)

7. Къаьркъано вахийнарг - вастало, хьоло вахийнарг - ца вастало. (АДШ-1730)

8. Т1ех юьзна вир хьерайолу, говр - хьокханна т1ейоьду, стаг - эккха. (АДШ-1221)


СОБАР

1. Дин хецна битинарг - лома кхаьчна, лаьллина ваханарг - 1инчу кхаьчна. (АДШ-1730)

2 Кхихкича, т1ех ей а бог1у. (АДШ 1730)

3. Сатоьхначу салтичух эпсар хилла. (НХК-39)

4. Сихалла а йохкий, собар эца. (АДШ-1216)

5. Сихалла - сонтала, собар - кхетам (НХК-39)

6. Сихалло - са даьккхина, собаро - лам баьккхина. (НХК-39)

7. Собар - толаман меттимотт. (НХК-38)

8. Стеган дикалла собарх хиъна, говран дикалла боларх хиъна. (НХК-39)


ТЕШНАБЕХК, ХЬАРАМЛО, АЬШПАШ

1. Аьшпийн к1уьрехь б1аьргаш ца 1ийжабо. (АДШ-1730)

2. Ворх1 шо даьлча а карабо аьшпаш шен баьрчехь. (ХД-13)

3. Нахана хьекхийна цергаш шех яхна. (АДШ-61)

4. Нехан куй айхьа баьккхичи, хьайн куй чета болла. (АДШ-62)

5. Тахана харц дерг ахьа дийцахь, кхана хьох тешар бац. (ЧФ-11, 188)

6. Тешнабехк бинчух боьду. (ЧФ-П, 183)

7. Хьарам диъначуо къаьхьа 1еттина. (ЧФ-П, 182)

8. Цамоьттург хуьлу моттарг1анаш лелош волчунна. (ХД-43)


ДОШ

1. Аьлча дохковер волу дош, ма ала. (НХК-35)

2. Вон дош къорачунна а хеза. (ЧФ-П, 186)

3. Ворх1 во1 волчу ден пхьоьханахь дош лела. (НХК-12)

4. Даггара аьлла дош дагах летта. (АДШ-1216)

5. Дика дош саг1а лерина, вон дош къа лерина. (ХД-18)

6. Къонаха ваханчара дош дахьа, къиг яханчара эхь дахьа. (АДШ-93)

7. Мел бехачу новкъа а, цкъа тоьхча, тоьа дикачу динна шед, мел йоккхачу майданахь а, цкъа аьлча, тоьа хьекъале дош. (АДШ-17)

8. Стеган дагара матто схьадуьйцу. (АДШ-1231)

9. Тоьпо цхьаь бен ца вийна, матто эзар вийна. (НХК-42)

10. "Хаац" - цхьа дош, "гира", "дайра" - эзар дош. (АДШ-20)

11. Хазчу дашо лам башийна. (НХК-29)

12. Хазчу дашо лам дашо бина. (АДШ-15)

13. Хазчу дашо 1уьргара лаьхьа баьккхина. (НХК-29)

14. Хьан дош - дош дацахь, дуй - дуй бац. (НХК-36)

15. Хьалха хьажий бен ког а ма баккха, т1ехьа хьажий бен дош а ма ала. (НХК-38)

16. Х1ор дешан а шен меттиг ю. (ЧФ-11, 182)

17. Шен метта ца аьлла дош хезна дац. (ЧФ-11, 184)

18. Шина балдех арадаллалц хьан лай ду дош, арадели - хьо цуьнан лай ву. (НХК-39)


СУТАРАЛЛА

1. Бен сту белча, батта пах ца белла. (НХК-51)

2. Дукха дезаро к1езиг дезийтина. (ЧФ-11, 188)

3. Латта кхача а дина, баларна кхийрина н1аьна. (НХК 51)

4. Хи дехахь - меца вац, ца дехахь - марха ду аьлла сутарчу х1усамнанас. (НХК-51)

5. Хиларо велийнарг - дацаро велхийна. (НХК-22)

6. Шина саг1е хьаьдда молла цхьа а доцуш висна. (НХК-51)


СТОГАЛЛА

1. Дагна там т1ех безнарг стогаллах воьхна. (АДШ-1216)

2. Къелле ма хьажа, стеган стогалле хьажа. (АДШ-1216)

3. Малар мала ахча лоьхучул - ца мала стогалла лаха. (АДШ-1730)


ОСАЛАЛЛА

1. Букурвоьлла стаг кашуо нисвиер. (УС-Е, 17)

2. Вохвелча, воьлучо, шелвелча,-садуу. (АДШ-1730)

3. Да левинчо - нана а юхку. (АДШ-1730)

4. Дог-1аьржа стаг хуьлу питане, ца кхеташ верг - эладитане. (АДШ-1730)

5. Къаьркъане марзвелларг баханах воьхна. (АДШ-1216)

6. Лаьхьанна ца хаьа шен д1аьвшо х1ун до, зударшна - шайн маттодийриг хаьа. (АДШ-1730)

7. Нехан воне ца хьийзинарг, шен вонехь ша висна. (АДШ-1216)

8. Ца лозу корта ма бехка. (АДШ-1216)


ДИН (ГОВР)

1. Алаша хастае, дина хаа. (ЧФ-11, 189)

2. Говран дикалла боларх хиъна, стеган дикалла собарх хиъна. (НХК-39)

3. Дика дин а боьду цкъа гор. (АДШ-112)

4. Дика дин - боьршачу стеган т1ам. (НХК-12)

5. Дикачу динна, цкъа тоьхча, шарахь тоьа шед. (ЧФ-11, 188)

6. Дин некъаца бевза, к1ант аренца вевза. (АДШ-44)

7. Сагатделлачу къонахчун дог дино хьаьстина. (НХК-44)


1АЛАМ

1. Буьйса бодане мел хили, седарчий сирла хуьлу. (НХК-53)

2. Б1аьстенан мохо к1урз бахьа, гуьйренан мохо к1ир бахьа. (НХК-19)

3. Гурахь цхьана 1айг дог1анах варда хатт хуьлу, аьхка варда дог1анах 1айг хатт хуьлу. (НХК-53)

4. Даима эхарх, хи кхачалур дац. (НХК-36)

5. Коьртера дуьйна хьаьа хи. (ЧФ-11, 182)

6. Литтана т1е маккхал хиъча, гуьйре йоларан билгало ю. (НХК-53)

7. Ло доцуш 1а а хир дац, йовхо йоцуш аьхке а хир яц. (ЧФ-11, 184)

8. Хи гуттара цхьана хорша ца лела. (ХД-39)


Нравится

Яндекс.Метрика